Первый Президент ЧР

Кадыров Ахмат-Хаджи

Счетчик посещений

179074
Сегодня
Вчера
Эта неделя
Прошлая неделя
Этот месяц
Прошлый месяц
Вся статистика
129
98
699
177004
3077
6603
179074

Ваш IP: 54.224.168.206
Время: 17.11.2017 22:47:28

Мероприяти «Нохчийн мотт –г1иллакхийн хьоста»

Нохчийн Республикан куьйгалхочо  Р. А. Кадыровс  2007 шарахь шен Указца «Нохчийн метан де» д1акхайкхина апрель беттан 25-г1а де. Оцу указца цо гайтина метте болу лерам. Х1ора шарахь вайн махкахь д1ахьо и де даздар. Шуьйтарчу юкккъерчу школехь д1айаьхьира и де даздарна лерина «Нохчийн мотт –г1иллакхийн хьоста» ц1е йолу мероприяти. Мероприяти кечйинера Берийн кхолларалин ц1ийнан куьйгалхочун заместитела Башаева Хедас, Шуьйтарчу  юккъерчу школан нохчийн меттан хьехархочо Пацаева Лайлаа.

 

         Мероприятин коьрта 1алашо яра Нохчийн меттан де даздар, цуьнан сий-пусар дар, цу меттаца долу г1иллакхаш, халкъан ламасташ лардар. Хаза кечйина яра и де даздарна сцена. Бераша йийцира байташ, х1иттира забаре сценкаш.

Берийн кхолларалин ц1ийнан хьехархоша кечбинера тайп-тайпана нохчийн кхача.

Иштта цу мероприятехь д1аяьхьира конкурс «Дика байт ешархо». Конкурсехь дакъалоцуш бара берийн ц1ийнан дешархой.

Жюрис кхо меттиг къастийра:

хьалхара меттиг яьккхира Вашандарчу юккъерчу школан дешархочо УмароваТанзилаc.

Шолг1а меттиг- Лакха-Варандарчу юккъерчушколан дешархочо Кадиев Мохьмада, кхоалг1а меттиг - Асланбек - Шериповски юккъерчу школан дешархочо  Ильясова Хедас.

         Дика байташ ешначарна делира совг1аташ а, грамоташ а.

Шуьйта-к1оштан Дешаран отделан куьйгалхочо Вахаев Т. У-А. баркалла элира мероприяти кечйиначарна а, дешархошна а. «Со тешна ву,- элира цо,- нохчийн мотт 1аморехь, къоман г1иллакхаш лардарехь,  массара а къахьоьгуш, оцу новкъахь баккхий кхиамаш бохург хиларах».